ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Энергетикан министраллан куьйгалхо хуьйцуш ву Кадыровс


Индустрин а, энергетикан а министраллан урхалле хIотто кечвина керла кандидат вовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Парламентехь дагабийларш хиллачул тIаьхьа министраллан хьаькам хила тарло Шаптукаев Рустам. REGNUM агенталло бинчу хаамца, хьалхо премьер-министран гIоьнча лаьттина ву иза.

Нохчийчоьнан Iедалхоша гергарчу заманчохь экономика кхиорехь, чIагIъярехь бан безаш дуккха а белхаш хилар билгалдоккхуш, Кадыровс ша тешна ву аьлла, министрийн кабинетца цхьаьна керла министр хIиттийначу Iалашонашца ларор ву аьлла.

2017-чу шеран гурахь индустрин, энергетикан министран дарже хIоттийнера Байтазиев Муслим.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG