ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIуда а тохий, ша маьршаваккхар дехна Емельяненкос


Некъан низамаш дохийна, Кисловодскехь къайлавала гIоьртича полисхоша дIалаьцначу ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра кхеле дехар дина, гIуда а тохий, ша маьршаваккха аьлла. Кху беттан 1-чу дийнахь хааме даьккхира, Кисловодскехь некъан полисхойх лачкъа гIоьртина хилла Емельяненко аьлла. Кхелехь мукIарло дина хилла спортхочо, къаьркъа а мелла, машенан урхалла дан хиънера ша аьлла. Амма тIе ца дуьту цо, ша полисхошна дуьхьало йина бохург.

ШолгIапчу дийнахь итт дей, буьйсий хан а тоьхна, чувоьллира Емельяненко, полисхойн тIедиллар кхочуш ца дина аьлла. Латархо дIалаьцначул тIаьхьа RCC-н директоро Клименко Николайс дIахьедира, Челябинскехь Стигалкъекъа-баттахь хинйолчу Russian Cagefighting Championship-ан 6-чу турнирехь дакъалоцур дац цо аьлла.

Дийцарехь, латархочун лигаца контракт юкъахдаьккхина дац цкъачунна, амма сацийна лаьтта. Кисловодск гIалин кхелан сацамна латкъамбина Емельяненкос Ставрополан кIоштан суьдхошка, яздо кхааридийнахь "Новости" агенталло. Шена дендолу таIзар малдар доьху цо. Шегара даьллачунна дохковаьлла ша аьлла, бехк цабиллар дехна спортхочо, делахь а кхелахойн таIзар тIех луьра ду аьлла, хета цунна.

Спортхо Емельяненко Александр кхераме ву адамашна, цо ладугIуш Нохчийчоьнан куьйгалхо бен кхин цхьа а стаг вац, цундела Кадыров Рамзана дIавига веза иза Соьлж-ГIаларчу клубе, цуьнан доладан аьлла дIахьедар дина ММА-н латархочо Харитонов Сергейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG