ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францерчу набахтехь дина тIелатар теракт лерина


Францерчу Конде-сюр-Сарт набахтехь полицино тIелатар дина тутмакхна а, цунна тIаьхьа еанчу цуьнан хIусамнанна а. Твиттерерчу шен пена тIехь бина хIара хаам Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа. Полисхоша тIелатар даран бахьана дара, "АллахIу акбар" бохуш, мохь а бетташ, шина хадархочунна оцу тутмакхо уьрсаца чевнаш яр.

BFM телеканалан информацица, цхьана сахьтехь а сов дIаяьхьна ницкъахоша лерина операци. ТIечIагIбазчу хаамца, тIелеттачо дIахьедина хилла, шен дегIах оьккхуьйтург ю аьлла.

Полисхоша даредарца, тутмакхна а, цуьнан зудчунна а чевнаш йина, зуда кхелхина тIаьхьо. Теракт дара иза аьлла, дIакхайкхийна Францин юстицин министро Беллубе Никольса.

Хаамийн гIирсашкахь яздо, тутмакха Шиоло Микаэла 2010-чу шарахь бусулба дин тIеэцна хилла бохуш. 2012-чу шарахь шен шина накъостца цхьана нацистийн набахтехь хан яьккхина 80 шо долу стаг лачкъийна вигина хилла цара, цунна къоладархьама. ТIехь Iазап а латтийна, вийнера цара воккха стаг. Оцу зуламна 30 шо набахтехь даккха хьажийна вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG