ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин Iедало бехк кховдийна Оьрсийчуьрчу вахархочуьнга


Мохьмад-Iела цIе йолчу Оьрсийчоьнан вахархочуьнга бехк кховдийна Германин Федералан прокуратурано аьлла, хаамбина урхалло шайн сайтехь. Шайн пачхьалкхана кхерам латтабо цо аьлла ду дина дIахьедар. Талламчийн версица, 2011-чу шарахь, ша Германи а кхачале дуьйна экстремистийн идеологин агIонча хилла ву иза. Кху аьхка Марсхьокху-баттахь дIалецира Мохьмад-Iела.

Лоьлхуьйтуршца зуламаш дан кечам беш хилла бохуш, бехкево иза Германин Iедалша. Толлуш ду, Марселехь 2017-чу шарахь дIалаьцначу тобанца уьйрашкахь иза хилар а.

ХIетахь Францин полицино дIакхайкхийра, президентан харжамаш дIахьочу куьпах эккхийтар дан гIоьртина ши стаг дIалаьцна шаьш аьлла.

Spiegel хьосто яздо, Нохчийчуьра ву вуьйцу Мохьмад-Iела аьлла. Амма кхечу зорбанаша тIечIагIйина яц и информаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG