ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн гIуллакх бух боцуш хиларан тоьшаллаш далийна адвокаташа


Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан коьрта тешах Басханов Сулиманах шеконаш ю адвокатийн, ткъа цо дуьйцучух цатешам кхоллало аьлла, дIахьедина Москвахь йоьдучу пресс-конференцехь адвокато Новиков Ильяс.

Титиевн машенчуьра яьккхина бохучу пакетах тера тIоьрмиг гайтира Новиковн коллегас Дубровина Маринас. Цуьнан месаш тIехь хилла боху скотч муха хилла гайтира цо. Эксперимент гайтина, тIечIагIдина Дубровинас, пакет тIе хьарчийна скотч иза ятIа а ца еш схьадоккхийла яцара аьлла.

Ша лацале хьалха Нохчийчохь ю бохучу "къайлахчу набахтех" информаци лахьош вара Титиев, оцу бахьанашца цунна Iедал тIаьхьадаьлла хила тарло аьлла ю адвокатан Закин Петран верси.

Иштта Заикина тидаме эцна, кхелан кхеташонашкахь полисхоша цхьабоса бакъ ца дар, Куьршаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь ГБР цIе йолу дакъа хилар. Делахь а, адвокатийн тоьшаллаш ду, Куьршалахь ГБР хиларх.

"Мемориална" тIеIаткъамбан Iалашонца долийна гIуллакх ду иза аьлла, тешна ву "Горячие точки" программан куьйгалхо Орлов Олег.

ТIедогIучу оршотдийнахь шина агIоно дийцарш дIахьур ду, цул тIаьхьа тIаьххьара дош лур ду Титиевна. Карара бутт бовш кхелахойн вердикт а хазор ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG