ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалан гIуллакх


1953-чу шарахь Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь велира Советан Пачхьалкхана 30 шарахь куьйгалла деш хилла Сталин Иосиф.
1953-чу шарахь Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь велира Советан Пачхьалкхана 30 шарахь куьйгалла деш хилла Сталин Иосиф.

Сталинан гергара нахах муха хьакхаелла репрессеш. ХIун Iаткъам бира Cталин валаро церан кхолламашна

1953-чу шарахь Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь велира Советан Пачхьалкхана 30 шарахь куьйгалла деш хилла Сталин Иосиф. Цуьнан цIарца юзу Советан Пачхьалкхехь адамашна репрессеш яран истори: дIалецар, каторгехь къахьегийтар, доьзалех хадийна бахийтар, кхелан а, кхелан йоцу а органаша сацамаш беш байар. Тоьпаш тоха бинчу дуккха а сацамашна кIеллахь ду Сталинан куьг.

Наггахь а бен доьзал карор бац репрессеш хьакхаяланза болу. Сталинан доьзал а бу цу юкъахь. Тайп-тайпана шерашкахь НКВД-н белхахоша лецира Сталинан дуьххьарлерчу хIусамненан ваша а, йиша а, шолгIачу зудчуьнан йиша а, цуьнан майра а, цуьнан йоьIан хилла майра а, цуьнан кIентан зуда а – Сталинан нус.

"Настоящее Время" портало материал кечйина Сталина шен гергарчу нахана тIехь репрессеш ярх а, иза веллачул тIаьхьа церан кхоллам хийцабаларх а лаьцна.

Сванидзе. "Иосиф массо а хенахь кӀеда-мерза велара"

Сталинан дуьххьара хилла зуда Сванидзе Екатерина гуьржийн элийн доьзалера хилла ю. Цуьнан ваша Александр доьшуш вара Джугашвили Иосифца (иза бакъйолу цIе ю Сталинан) Тифлисерчу килсан семинарехь. Екатерина ялийра Иосифа 1906-чу шарахь. Кхин а цхьа шо даьлча дуьненчу велира цу шинан кIант Яков. Иза шо а кхачаза вара нана, чоьнан ун а кхетта, лечу хенахь. КIант кхиийра цу шинан дуккха а болчу гуьржийн гергарчу наха.

Дуьххьарлерчу зудчуьнан ваша Сванидзе Александр а, цуьнан хIусамнана Мария а дуккха а шерашкахь юххера доттагIий бара Сталинан. Александр – вевзаш волу большевик, Гуьржийн ССР-н финансашкахула волу нарком, тIаьхьо Госбанкан гIаьнтден когаметта вара (партин псевдоним "Алеша Сванидзе").

Мария - опералакхархо. Сванидзе Александр а, Мария а баьчча волчу хьошалгIа боьлхура, тIеоьцуш а хилла цара Сталин шайн хIусамехь, вовшашна совгIаташ деш а хилла цара.

Сванидзе Мариян дневник йисина, цо 1934–1937 шерашкахь лелийна йолу. 1935-чу шарахь Марсхьокху-баттахь цо иштта яздина шаьш Сталинца цхьаьна керла йинчу метрохь хахкадаларх лаьцна: "И (осиф). массо а хенахь кӀеда-мерза велара, цуьнан бIаьргаш боьлаш а, кIеда-мерза а бара. Суна хетарехь, массо а хIуманах кхеташ иза хиллехь а, халкъан шайн баьчче безам а, терго а хилар тара цунна. <...> Цо цхьана дийнахь шена тIараш детташ овацеш ярх лаьцна элира – халкъана паччахь оьшу, царна стаг оьшу корта бетта а, цуьнан дуьхьа баха а, болх бан а.

1936–1937 шерашкахь шен дневникехь Сванидзес дуккха а оьгIазе йозанаш дитира: цкъа дуьххьара Киров вийначу нахах лаьцна, цул тIаьхьа – Йоккха террор йолаелча кхелаш йинчу "троцкистех". Сталин къамел деш радиоэфирехь новкъарлонаш хезча, иза а зулам дар ду аьлла хетара Сванидзе Марияна.

"Ткъа хIинца и хамелеонаш революци хилла 20 шо даьлча гучуевлла шайн аьшпийн духаршца. Жимма а дог цӀеналла а, патриотизм а, дийтантийн хилла шайн мохк безар а ца хилла цаьргахь", - яздина Сванидзес 1937-чу шарахь Марсхьокху-беттан 7-чохь. Кхин а биъ бутт баьлча цу тайпа "хамелеон" хилла аьлла дIакхайкхийра цуьнан майра.

Цуьнан гIуллакхехула таллам бахбелира 1940-чу шаре кхаччалц. Сванидзена бехке дуьллуш дара Испанерчу троцкисташна гIо дар а, Германехьа шпионаж лелор а. Кхел йира тоьпаш тоха. 1941-чу шарахь аьхка кхочуш бира кхелан сацам. Реабилитаци еш Сванидзена йина кхел харц лерира 1956-чу шарахь.

Сванидзена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх толлуш а долуш, НКВД-н белхахоша лецира цуьнан зуда Мария а, йиша Маро а. Цу шинна тоьпаш туьйхира 1942-чу шарахь Зазадоккху-беттан 3-чохь, НКВД-н кхаа стагах лаьттачу ша-тайпачу кхеташонан сацамца.

АллилуевгIар. " ДӀовш лурш" итт шо даьлча

Сталинан шолгIачу зудчуьн Надеждин да вара белхало Аллилуев Сергей. 12 шо долуш дуьйна Тифлисехь цIерпоштийн пхьалгIехь болх беш вара иза, цут тIаьхьа – цIерпоштлелорхочуьнан гIоьнча.

Сталин 1917-чу шарахь Петарбухехь лечкъина Iийра АллилуевгIаргахь къайлахчу петарехь. Цигахь дуьххьара гира Сталинна цу хенахь 16 хилла Аллилуевн йоI Надежда. Кхин а цхьа шо даьлча цо ялийра иза.

Аллилуева Надеждас кIант а, йоI а – Василий а, Светалана а – дина Сталинна, ткъа 1932-чу шарахь ша шена тапча тоьхна елира иза. Надежда ша цхьаъ ца хилла АллилуевгIеран доьзалехь. Цуьнан воккхаха волу ваша Павел ЦIен армин буьйранчаллан декъашхо хилла. Цо куьйгалла деш хилла автобронетанкийн бюрона, юкъаметтигаш лелош хилла ОГПУ-ца.

Йоккха террор шен болар эцна йоьдуш а йолуш, Аллилуев Павела а, кхечу армин командираша а кхайкхам бинра Сталине, ЦIен армин могIаршкахь репрессеш яр сацор доьхуш. 1938-чу шарахь иза велла карийра шен кабинета чохь – цуьнан дог сецнера. Хабарш лелаш дара, цунна дIовш малийна бохуш.

Павелан зудчун Аллилуева Евгенияна тIаьхьабаьхкира НКВД-н белхахой 1947-чу шарахь, майрана дIовш малорна иза бехке а йина, иза велла 9 шо даьлча. Дакъа схьадаьстича дIаьвшан ларш ца карийра, амма Аллилуева дIахьажийна лагере. Дукха хан ялале лецира цуьнан шолгIа майра, Молочников Николай. И шиъ чекхделира лагерехула, амма цигара арадаьлча дIасакъаьстира. Цу шинна а йина реабилитаци.

Сталин
Сталин

Аллилуева Кира – Павлан а, Евгениян а йоI, Жимачу театран актриса – чекхъяьлла лагерх. Иза лаьцнера 1948-чу шарахь Дечкен-баттахь. Цо тоьшаллаш дира шен гаргарчаьрна дуьхьал, шайна юкъахь нена йиша Реденс Анна (Аллилуева Анна, Павлан а, Надеждин а йиша) а йолуш. Реденс бехке йира шпионаж лелорна. Масийтта шо даьккхира цо набахтехь. Еалла 1964-чу шарахь.

Анна дIалоцуш цуьнан майра – Полшера большевик Реденс Станислав, Дзержискийн накъост – 10 шо а хилла тоьпаш тоьхна вийна. Йоккхачу терроран шерашкахь цу стага дукха адам хIаллакдина Москох кIоштахь. 1956-чу шарахь Реденс бехказвитина цо динчу зуламех, дийцарехь, Хрущев Никитас омра а делла. Бисинчу АллилуевгIарна а реабилитаци йина.

Хьоме йоI а, безам боцу кIант а

Аллилуева Светлана, Сталинан жимаха а, хьоме а йолу йоI, дуьххьара маре яхара студент йолуш 1944-чу шарахь. Цо хаьржинарг вара шен вешица школехь дешна волу Морозов Григорий. И шиъ цхьаьна дехира кхаа шарахь. Аллилуевас тIаьхьо яздира, шен да реза вацара ша Морозовга маре яхарна, иза жуьгти хиларна аьлла. Григорийгара, паспорт дIа а даьккхина, керланиг делира зуда ялийна аьлла тоьхна мухIар а доцуш.

Сталинан карахь ю цуьнан йоI Светлана.
Сталинан карахь ю цуьнан йоI Светлана.

1957-чу шарахь Аллилуева Светлана маре яхара Сванидзе Джоннига. Иза вара Сталинан доттагIий хиллачу Сванидзе Александран а, Мариян а кIант. 1938-чу шарахь да-нана дIалаьцначул тIаьхьа Джонни кхебира цуьнга хьожуш болх беш хиллачу зудчо. 16 шо долуш иза охьавиллира психиатрин дарбанан хIусаме. Цигара дIахьажийра набахте, цул тIаьхьа Казахстане ссылке вахийтира Сванидзе Джонни. 1956 шарахь цунна бакъо елира Москох цIаверза. Хьехархочуьнан болх бира цо МГУ-хь. Аллилуеваца цхьаьна дукха ца вехира иза.

Сталинан воккхаха волу кIант Джугашвили Яков йийсаре лецира тIамтIехь 1941-чу шарахь. Кхо шо дара цо балетан артист Мельцер Юлия ялийна. Цхьа шо даьлча дуьненчу елира цу шинан йоI Галина. Джугашвили Яков кхелхира 1943-чу шарахь бIаьста Берлинана гергахь йолчу ЗаксенхIаузен концлагерехь. Цул тIаьхьа арахийцира цхьа шо ах шо набахтехь даьккхина цунах йисина Мельцер Юлия. Аллилева Светалас яздора, иза дIалаца аьлла омра делларг шен да вара бохуш. Сталина бехке еш хиллера иза, Яков йийсаре вахарна.

КIанта дех жоп ца ло. Сталин Василийн гIуллакх

Сталинан жимаха волу кIант Василий ша цхьаъ бен вац баьччан гергарчу нахана юкъахь иза веллачул тIаьхьа репрессеш лайнарг. 1953-чу шарахь Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь, да велла кхо кIира даьллачул тIаьхьа, Сталин Василий, инарлан лейтенантан чинехь а волуш, дIаваьккхира балхара. Амма цхьа бутт балале иза лецира, пачхьалкхан бахам шен долабаьккхина аьлла а, Советан Пачхьалкхан куьйгалхойх лаьцна эладита даржорна а бехке а вина.

БархI шо хан а тоьхна, Сталин Василий дIахьажийра Владимирский централ олучу набахте. Иза цигахь латтош вара пачхьалкхан ахча дайарна чувоьллина прораб санна Василий Павлович Васильев цIарца. Набахтера аравелира Сталинан кIант 1960-чу шарахь, амма кхин а шо далале иза лецира Китайн векалалле вахана цигахь Советан даймахках лаьцна эладита дийцарна.

Сталин Василий, Власик Николай, Сталин Иосиф, 1935
Сталин Василий, Власик Николай, Сталин Иосиф, 1935

Казане ссылке вахийтира иза, кхело сацам а бина. Амма Сталинан кIант дукха ца вехира цигахь. 1962-чу шарахь иза велира, маларх дIовш а даьлла. Шен дахарехь тIаьххьарчу шарахь Василийна дихкинера Сталин фамили лелор, Джугашвили фамили тIехь йолу паспорт а делла.

1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело цхьана декъана реабилитаци йира Сталин Василийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG