ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арашуков Рауфе бехкаш кховдийна


"Газпром межрегионгаз" компанин куьйгалхочун хьехамча волчу, Кхарачойн - Чергазийчоьнан цIарах сенатор лаьттинчу Арашуков Раулан дега Арашуков Рауфе бехкаш кховдийна, 3- миллиард соьмана газ лачкъорна а, зуламхойн тоба кхолларна а. "ХIинццалц шеконаш лаьттинчу бехкашца дов кховдийна цуьнга", - хаамбо ТАСС агенталло.

60 миллион соьмах нах байинчу гIуллакхна ша бехкевеш, доцург кхоьллина шена аьлла, дIахьединера хьалхо лаьцначу Арашуков Рауфа.

Федерацин Кхеташонан хIусамехь Дечкен-беттан 30-чохь дIалецира сенатор Арашуков Рауль а. Иза а бехкево зуламан тоба вовшахтохарна а, нах байарна а, тешашна тIеIаткъам барна а.

Цунна тIаьххье Санкт-Петербургехь дIалецира сенаторан да Арашуков Рауф.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG