Нохчийчохь Росгвардина тIелата кечлуш хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан кхо агIонча лаьцна аьлла, шен агIон техь Mash телеграм-канало хаамбина. Дийцарехь, шеца школехь цхьаьна дешначу шина накъостаца даIишхойн видеошка а хьуьйсуш, тоба вовшахтоьхна хилла царех цхьаммо – 21 шо долчу Исламов Хьасана.
Mash телеграм-каналан информацица, хьуьнхахь гранаташ карийна хилла кегийрхошна. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь петар а лаьцна, цу чохь кечамаш дIахьош хилла цара. Уьш гуллучу хIусамах хьоьвсича полисхошна карийна герз а, бомбанаш муха йо хьоьху инструкцеш а. Кегийрхошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!