Дагестанера Исрапилов Ахьмад дIалаьцна, экстремизме кхайкхамаш барна. Республикехь концерташ вовшахтухучарна кхерамаш туьйсуш хилла цо. ТАСС агенталло яздо цунах, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллерчу шайн хьостанна тIе а тевжина.
Дицарехь, Исрапилов лацар доьзна ду, ХIинжа-ГIалахь Крид Егоран концерт ца хилийтарца. Инстаграмерчу "Имамат Дагестана" агIонан автор ву Исрапилов. ТАСС агенталлан хьостано чIагIдарца, Исрапиловна дуьхьал айдина гIуллакх, цо даим а шен пена тIехь республикехь концерташ, фестивалаш, спектаклаш дIахьочарна а, уьш вовшахтухучарна а кхерамаш туьйсуш, публикацеш яр ду.
"ХIинжа-ГIала Крид Егор вогIу аьлла, даьржича, цо кхерамаш тийсар бахьана долуш, ницкъахоша шайн тергоне ийцира иза", - чIагIдо хьостано.
"База" гIирсан информацица, социалан машанашкахь скандал гIаттийнарг Исрапилов ву аьлла, тешна бу къайлахчу сервисийн белхахой.
Дахначу шеран Гезгамашин-баттахь хир ю аьлла, дIакхайкхийна Крид Егоран концерт юккъахъяьккхира. Бехк тIечIагIбинчул тIаьхьа 5 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна.