ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьал долу къехой


Къилбаседа Кавказерчу бахархойн ахча ду, амма цара атта дIа ца хоьцу иза кредиташ юхалуш, чIагIдо статистико

Линкана тIе

Кредиташ эцначу наха хIора баттахь цу ахчанах цхьа дакъа юхадала дезаш хуьлу банканашна. Амма иза дан луурш кIезиг бу Къилбаседа Кавказехь. 2019-гIа шо долалуш хIоьттина хьалх дийцича, уггар дукха бу, юхалург ахча а эцна, иза дIалуш боцу нах ГIалгIайчохь (16% гергга).

ШолгIачу меттехь ю Кхарачой-Чергизойчоь (10%). Хьалхарчу 10 регионна юкъахь ю Къилбаседа ХIирийчоь а, Адыгей а, Ставрополан мохк а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, Дагестан а.

ГIалгIайчоь а, Дагестан а, Нохчийчоь а ю 2018-чу шарахь заемаш эцна декхар тIехьарчийначу хьалхарчу 10 регионна юкъахь. ГIалгIайчохь-37%, Дагестанехь -32%, Нохчийчохь – 27%.

Цуьнца цхьаьна ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а ю бахархой угарр лахара декхарехь болчу хьалхарчу 10 регионна юкъахь, кхоалгIа а, йоьалгIа а, пхьоьалгIа а меттигаш дIа а лоцуш. Иза ду цу республикашкарчу бахархошна дукха лахара кредиташ делла бохург, церан алапаца дуьстича.

Гарехь, Къилбаседа Кавказера кредиташ луш йолу институташ дIоггара лаам болуш яц уьш дала. Цара дукха лерина талламаш бечух тера дац шайн клиенташна. Делахь а, цо жоп ца ло кредиташ далар оццул ледара хIунда ду регионехь бохучу хаттарна.

Кхузахь бахьана хила мега кредиташ а, алапа а дустар нийса кхочуш дина ца хилар. Ткъа цу тайпаниг хила тарло, нагахь баккъалла а нахана луш долу алапаш лахара хилча, Iедалхоша шаьш луш ду бохуш дIакхайкхочарал а. Вуьшта аьлча, дика статистика хилийтархьамма баккъалла а долу хьал хуьлдечух тера ду Iедалан белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG