ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказара нохчо кхелхина Шемахь


Гуьржийчуьра 35 шо долу Тохосашвили Руслан вийна Шемахь аьлла, хаамбина гуьржийн Rustavi2 телеканало. Иза кхалхарх тоьшалла дина цуьнан ПIаьнказарчу гергарчара а.

ПIаьнказан чIожерчу Ахметан муниципалитетерчу Омало олучу эвлахь вехаш хилла велларг. Масех бутт хьалха вийна Тохосашвили Шемахь, цуьнан гергарчара даредарца, амма кхаьрга хаам дукха хан йоццуш бина.

2014-чу шарахь Шема дIа а вахна, "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанах дIакхеттера Руслан.

ТIаьххьарчу информацица, ПIаьнказара верриг а 33 вахархо дIакхелхина Шемахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG