Соьлжа-ГIаларчу кхиазхочо Альтемиров Абубакара схьаэца герга болчу гIирсах аьзнийн Iаса кхоьллина бIаьрзечу нахана аьлла. Муьлххачу а стеган локхаллица нисъян таро ю Iаса. Карарчу заманчохь, ша йина Iаса кхи тIе а тоеш, цу тIехь болх беш ву Абубакар ша лелачу кегийрхойн инновацин кхоллараллан "Инноразум" цIе йолу Центрехь.
Ша Iаса муха йина Абубакара шуьйрра дуьйцуш дац, индустрин шпионаж юкъахь лелаш ма ю боху цо. БIаьрса доцчу нахана лерина йина Iаса гергарчу масех баттахь йохка йолор йолуш ю. Дийцарехь, цуьнан мах 800 сом хир бу, ткъа цунах тера Iасанаш 20 эзар сов мехах юхку туьканашкахь, яздо "Кавказ-Пост" интернет-гIирсо.
Нохчийчохь официалан терахьашца, 3 эзар гергга ву бIаьрса дайна стаг.