ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан биографи дагахь Iамо декхаребина полисхой


Нохчийчохь цхьайолчу кIоштийн полисхойн дакъошкахь белхахошна тIедожийна Кадыров Ахьмадан биографи дагахь Iамор, яздо "Кавказ.Реалиис". Ницкъахой декхаре бина Кадыровн дахарера коьрта терахьаш дагахь латто. Порталан каракхаьчна цхьана агIонах лаьтта президент хиллачу Кадыров Ахьмадан биографи тIехь йолу кехат. Регионерчу цхьахйолчу полицин куьпахь дIасадаржийна хилла иза.

Карладоккху, 2009-чу шарахь Кадыров Хожа-Ахьмада яздинчу дешнаш тIехь, Бексултанов Iумара мукъаме ерзийна "Шатлакхан илли" гимн дагахь Iамо декхаре а бира пачхьалкхан организацийн массо а белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG