Ларам боцуш Iедалх а, пачхьалкхан символех а, юкъараллех а къамелаш дечарна а, харц информаци яржочарна а тIе жоьпалла дожош, низаман проект чекхъяьлла еаридийнахь пачхьалкхан Думехь кхоалгIачу йоьшийлехь. Парламенте проект кховдийнера низамаш юкъадохучу федерацин Кхеташонан комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс а, депутаташа Бокова Людмилас а, Вяткин Дмитрийс а.
Iедал сийсаздеш, социалан машанашкахь посташ зорбане яхар кега-мерса хулиганалла лелор санна лорур ду. Цкъа публикаци йича 30-100 эзар сом гIуда тухур ду, шолгIачух - 200 эзаре гергга сом охьадилла дезар ду, йа 15 дей, буьйсий чохь доккхуьйтур ду.
Кхи дIа хьарчо долу гIуда – 300 эзар сом, йа лаьцна хан яккхийтар. Фейкан хаамаш баржочарна хьоьху 100 эзар соьме кхаччалц гIуда тохар. Ткъа даржхо иза велахь, 200 эзаре гергга гIуда такха дезар ду цуьнан.
Бакъонашларъярхоша а, журналисташа а емалдира депутаташа тIеэца лерина низаман проекташ. Адаман дешан маьршо лакъор ду иза аьлла, дIахьедора цара.