ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8-чу Мартехь набахтешкахь зударшна мерза стол хIоттор ю


Оьрсийчуьрчу набахтешкарчу зударшна лерина дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь "конкурсаш дIахьур ю, шахматех ловзарш хир ду, киношка хьовса таро хир ю, марзолгаш яор ю" аьлла, хаамбина таIзар кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН). Долчу зерашца, пачхьалкхерчу набахтешкахь хан йоккхуш ю ерриг а 35 эзар зуда. Массо а тутмакхийн мукъа хир ду пIераска. "Дан хIума доцуш, сингаттамехь цхьа а хир вац", - аьлла ФСИН-ехь.

Хьалхо Чиллан-беттан 23-чохь Турслочун денца божаршна лерина барамаш хIиттийра массо а Оьрсийчуьрчу набахтешкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG