ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьан йоIан куралла йохор


Каримова Гульнара 2009-чу шарахь.
Каримова Гульнара 2009-чу шарахь.

Каримова Гульнара баккъалла а чуйоьллина Узбекиcтанан Iедалша

Узбекистанан кхело луьрчу даьккхина цу мехкан хьалхара президент хиллачу Каримов Исламан йоIанна Каримова Гульнарина дина таIзар. ЦIахь лаьцна латточура иза колоне хьажийна цо,"таIзар ларан кеп вон йохийна" аьлла.

Стохка Товбецан-баттахь, шо хьалха 10 шо хан тоьхна чуйоьлина, 46 долу Каримова Гуьльнара цIаяхийтира, йисина хан шен хIусамехь такхийта, и хан 5 шаре охьа а яьккхина.

Иза яха хиира шен йоIца Иманца. Каримована дихкинера цу хIусамера араялар а, интернетах а, телефонах а пайда эцар а. Цул сов, иза декхарелахь йинера пачхьалкхана ша дина зе меттахIотто.

Гульнарин да Узбекистанан президент хилла, 27 шарахь цу пачхьалкхана куьйгалла дина Каримов Ислам велира 2016-чу шарахь. Iедалша лацале Гуьнара лоруш яра Юккъерчу Азехь уггар Iаткъаме а, шен де метта президентан дарже хIотта мегаш йолу а зуда. Цуьнан долахь яра финансийн фондаш, банкаш, телеканалаш, модан духар духку туьканаш.

Делахь а 2013-чу шарахь дукха шен лаамехь леларна ден дагтIера юьйжира Гульнара, оцу маьIаргонна дош лелаш хиларх а, ахчанах а, даржех а йолуш.

Цунах лаьцна дийцира Маршо Радион Оьрсийн сервисана интервью луш возуш воцучу узбекийн политолого, дисиденто цхьана хенахь Каримов Исламан Iедалехь лаккхара дарж дIалоцуш хиллачу Раббимов Камолиддина.

-- ХIун бахьана ду Узбекистанан Iедалша Каримова Гульнарийн хьал чолхе даккхар?

-- Со тешна ву Каримова Гульнариний а, Узбекистанан керлачу Iедалшний а юкъахь къайлаха йохка-эцар доьдуш хиларх. Гульнарин дуккха ахча ду, шен дас махкана куьйгалла дечу хенахь цо гулдина. Билггала цуьнан маса миллиард ду юкъараллана ца хаьа, цунна шена а, Iедалшна а бен. Амма цара иза хьулдина ду.

Суна хетарехь, Гульнарина Iаткъам беш бу, цу ахчанаш ах мукъане а схьадаккхалур дацара те бохуш. ХIунда аьлча, цуьнан долу лаххара а цхьа миллиард сов доллар ахча сацийна ду Швейцарехь а, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташкахь а.

Iедалша юкъа-кара Iаткъам бар алсамдоккху цунна, цул тIаьхьа малдо. ХIунда аьлча кестта и ахча я дIадоккхур ду Малхбузерчу пачхьалкхаша, я Узбекистанна дIалур ду. Цхьадолу ахча хIинца а карийна дац. Амма цуьнан кхоллам муха хир бу дозуш ду Гульнарех. Карарчу хенахь цуьнан шен цхьа а аьтто бац и ахча шена дита. Бахьана ду Iамеркехь а, Европехь Каримована дуьхьал маситта бехктакхаман гIуллакх долийна хилар.

Дуьненаюкъарчу низамашца а догIуш, нагахь цхьанаметта маситта пачхьалкхехь бехктакхаман гIуллакх схьадиллина волу стаг цхьана пачхьалкхехь чуволлахь, кхечу пачхьалкхашкахь цунна дохку бехкаш бух боцуш дуьсу. Цундела Каримов реза хилира шен йоI Узбекистанехь чуйолла. Цо иза цадинехь Гульнара набахте хьажор яра Малхбузенехь.

И хаьл а лаьтташ цIеххьана цуьнан да велира. Узбекистанна цуьнан ахча оьшуш ду, амма тахана Гуьлнара хьийзоран бахьана ду цуьнан лелар.

Цуьнан хIинца а кхетам бисина, ша паччахьан йоI йолуш санна. Каримов Ислам урхалла деш вара Узбекистанна 30 гергга шарахь. Цунна дош ца хета карарчу хенахь долу Iедалш. Президент Мирзиёев Шавкат цунна го селханлера шен ден лай санна. Каримов дийна волуш Гульнара баккъалла а ян а яра цуьнан да дIаваьккхича уггаре дош лела стаг.

-- Карарчу хенахь долчу Iедало шен хьал гIолечу доккхур ду аьлла сатуьйсуш ярий иза? Тахана цуьнца хуьлург ца моьттург дуй цунна?

-- Дац, ца моьттург данне а дац. Маситта бутт хаьлха цо дIахьедар дира, дагца а, ахчанца а Узбекистанерчу реформашна гIо дар Iалашонца шен сацийна долу ахча Iедалшка дIадала лаам бу шен аьлла. И хабар дIатоьхнера цо официалан Ташкенте шен йоIехула Иманехула. Суна хетарехь, эххаре а цо ахча дIа ца делла, цундела меттахбевлла Iедалхой.

Тидаме эца деза цунах хIинца а Iедалхой кхоьруш хилар. Iедалшна а, ур-аттала цуьнан нанна а, ца хаьа цо хIун дийр ду а, иза куьйгакIеллахь муха латтор ю а. Цуьнга дуккха а информаци кхочу тайп-тайпанчу каналашкахула. Цунна бевзаш дукха нах бу. Цунна дуккха а хIума хаьа. Твиттерехь йоза дитина я артикл арахецна цуьнан аьтто бу Узбекистанехь политикан кризис хIотто. Иштта хилира Каримовс куьйгалла дечу тIаьхьарчу шерашкахь а, ма дарра аьлча, Гульнара дIалаццалц а, дIалаьцначул тIаьхьа а.

Каримов Ислам шен йоIаца Гульнарица.
Каримов Ислам шен йоIаца Гульнарица.

-- Ткъа могIарерчу бахархойн хIун ойла ю Каримова Гульнарех?

-- Дукхаха болчу узбекашна бIаьрга ян ца еза Каримова Гуьльнара. Коьртачу декъана шайн къен дахар а, цуьнан бахам хилар а бахьана долуш. Амма ша дош лелаш йолуш 2010 – 2013 шерашкахь Гульнарас "Узбекистанан културан а, исбаьхьаллан а фондехула" кхоьллира къона говзанчийн фонд. Къона похьма долу кегийрхой деша бахийтира цо цу фондан чоьтах.

Суна хетарехь, хIинца а дуккха а кегийрхой бисина цуьнан агIончаш, Каримовас гIо а деш кхечу пачхьалкхашкахь дешна болу. Уьш тахана цунах дог лозуш бу. Цуьнан баккъалла Iедал караэца кечйина шен тоба яра, хIунда аьлча Гульнара баккъалла а кечлуш яра Узбекистанан рогIера президент хIотта. Амма гIуллакх ца хилира цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG