ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Чехерчу дипломатийн цIенош чохь хийра нах беха, мах а луш


Оьрсийчоьнан Чехера векалт
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:29 0:00
Линкана тIе
Вагнер Александра

Оьрсийчоьнан президентан дозанал арахьарчу гIуллакхийн урхалло доладен Прагера цIенош мехах нахе дIало, ткъа царна чохь Iан бакъо дипломатийн бен а яц.

Иштта яздо оцу цIенош чохь бехачу нахаца къамел динчу Чехерчу Deník N газетан корреспонденташа.

Прагехь тоьлла ларалучу маьIIера цIенош Чехин долахь ду. Амма шина пачхьалкхо бинчу бертаца а догIуш, билгалъяккхаза йолчу ханна пайдаоьцу царех Оьрсийчоьно. Царна чохь меттигера доьзалш баьхна ца Iа, офисаш кхобу Оьрсийчуьрчу а, Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкарчу а компанеша. Ткъа дипломатийн хьашташна шега деллачу цIенойх Оьрсийчоьно ишта пайдаэцар низамехь дац, боху Чехерчу журналисташа.

Чехин гIишлойн реестро тоьшалла дарехь, Ovenecká, 80/39 адресца лаьтта цIа пачхьалкхан ду, дипломатийн бен яц цунах пайдаэца йиш.

  • Чехерчу Оьрсийчоьнан векалтна гена доццуш лаьтта диъ цIа - 150 петар. ХIусамех дакъа дIалаьцна мехах чохь бехачу доьзалша.
  • Волковерова, 1067/13 цIа чу 1993-чу шарахь дуьйна язйина ю "Интурист" компани.

  • Овенецка, 39 цIа чу язйина Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкара хьукматаш. 1992-чу шарахь дуьйна язйина ю оцу цIа чу Советан пачхьалкхо Италица юкъахь кхоьллина "Совиталпродмаш" фирма, ткъа цуьнан долахо ву аьлла язвина ву Чехин бахаман реестре Оьрсийчуьра вахархо Калашников Олег. Оццу цIа чу язйина ю визанаш кечъеш йолу Оьрсийчуьрчу бахархойн долара компани. Ю оцу чохь кхин а массех компани, церан дай а бу Оьрсийчуьра я Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкара.
  • Чехин гIишлойн реестран агIо
    Чехин гIишлойн реестран агIо

"Оха тхайн таллам болийра цхьана хаамна тIехула – дозанал арахьарчу стага кхеле латкъам бина, ша цхьана дипломатийн цIа чу ца язво, аьлла бара иза", дийцира Маршо Радиога Deník N газетерчу Прхал Лукаша.

Журналисто дийцарехь, дипломатийн цIеношкара петарш низамехь а доцуш нахе яларх тоьшалла до дукха хан йоццуш Прагехь йирзинчу кхело. Оцу петаршкахь бехачу нахера ахча дIалехьош хиллачу оьрсийчунна Терентьев Александран дов дара листинарг. Ткъа иза кхеле веллера кхечу, Оьрсийчуьра веъначу вахархочо Маклаков Александра. Ша мехах лаьцначу петарахь регистраци яр дехча, "Росзагрансобственность" хьукматан белхахочо Терентьевс шена йиттина, чIагIдора цо.

Чехославакехь "бархатан революци" (1989) хилале хьалха Советан пачхьалкхой, Чехословакиной бинчу бертаца магийна Кремлна дуьйцучу цIенойх ханна доладан бакъо. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Чехин доладирзина и цIенош. Амма бохоза битина хьалха бина барт, Оьрсийчоьнехь дисина дипломатийн цIенош.

Дипломатин юкъаметтигех лаьцна Венехь хIоттийначу конвенцино бахарехь, векалташка елла гIишлош, хIусамаш бакъо яц мехах я мехаза кхоалгIачу нахе дIаяла. "Дипломатийн цIенош" мехах нахе луш хиларх лаьцна лела реклама карийра Deník N газетана. Бакъду, низамталхорах лаьцна журналисташа яздешшехь, дIаяьккхира реклама интернетера.

Оьрсийчоьнан Прагерчу векалто комментари ца еш дитира Маршо Радионо шега "дипломатийн цIенойх" лаьцна дина дехар. "Оьрсийчоьно шина пачхьалкхо бинчу бертаца а догIуш оьцу Чехийн Республикерчу гIишлонех пайда", аьлла дара жоп.

Кхо бутт хьалха дара, Оьрсийчоьнан векалто шена оьшучул дукха машенаш латтайо Чехехь, аьлла скандал иккхича. Прагехь хан йоккхучу Оьрсийчуьрчу хIора дипломатна 1,5 машен кхочу, ткъа массо а машенаш, полицино я дозанхоша талла йиш йоцуш, "дипломатин маршона" кIел ю бохура.

Чехин къайлахчу сервисо аьрзнаш до ша халкъе хIора шарахь цкъа деш хуьлучу дIахьедаршкахь, Оьрсийчуьрчу шпионех яккхина ю Чехи, уьш кхузара а, ерриг Европера а кхерамзалла йохош хьийза, олий.

Прагерчу векалтехь Оьрсийчоьно кхобу Германехьчул, я Штаташкахьчул шозза дукха дипломаташ, шаьш ца теша уьш массо а дикачу гIуллакхна кхузахь кхобу бохучух, аьлла дара, масала, Чехин къайлахчу сервисо тIаьххьара дина дIахьедар.

Шуна муха хета Нохчийчохь "Ахмат" цIе тохку меттигаш дебар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG