ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

24 шо хьалха вайна нохчо Ростов-гIалахь карийна


1995-чу шарахь вайна хилла Исмаилов Шарип дIавуллучу гулбеллера кху деношкахь Нохчийчохь бIеннашкахь махкахой. Грозненск кIоштарчу Девкар-Эвла схьакхачийна Исмаилов Шарипан чалх.

"1995-чу шарахь дуьйна тIепаза вайна лоручу цуьнгара кост кхаьчна дацара цуьнан гергарчаьрга. Ростов гIаларчу кешнашкахь дIавоьллина хилла иза, генетикан паспорт бахьана долуш таро хилла цуьнан декъан чалхаш йовза. Девкар-Эвлахь юха дIавоьллина Исмаилов Шарип", - аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу зорбан министраллан белхахочо.

"Шарип а, цуьнан да Шама а Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалина тIелеттачул тIаьхьа Ростов ваха новкъа ваьлла хиллера. И шиъ дIакхаьчна я ца кхаьчна цхьанна а хууш дацара. Ростовхь кIант карийна, ткъа ден кхоллам къастаза буьсу", - аьлла меттигерчу вахархочо агенталле.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу шерашкахь доьза байначийн гергарчарна 86 генетикан паспорт делла аьлла, хааме даьккхира Маршо Радионо дахначу шарахь.

Цу кепара паспорт эцархьама Нохчийчуьрчу кхелан экспертизан Бюро цIийн анализ яла еза. Оцу билгалошна тIехь Москох говзанчаша генетикан паспорташ кечдо.

2013-чу шарахь дуьйнна дала долийна Нохчийчохь генетикан паспорташ.

Официалан терахьашца Нохчийчохь тIеман заманахь вайнарг 3 эзар сов стаг ву, ткъа бакъонашларъярхоша чIагIдарца, и терахь кхин а лакхара ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG