ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка тIетаьIна Кадыровна а, Делимхановна а


"Голос Америки" хьостано хаамбарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iарбойн пачхьалкхашкахь латточу активашна тIаьхьабовла дагахь бу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь. Конгрессан векалийн Палатан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комитето еаридийнахь тIечIагIйина, Оьрсийчоьнан оппозиционер хилла Немцов Борис верах жоьпалла тIедожочу резолюцин проект. Цу тIехь тIедожийна Iарбойн пачхьалкхашкахь Кадыровс латтон активаш схьалалахар.

Нью-Джерсин цIарах конгрессхочо-демократа Малиновский Тома хьехарца, комитето тIечIагIбина "пачхьалкхан секретаре а, финансийн министре а Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнал арахьа а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а, СаIуда Iаьрбийчохь а лело финансийн гIуллакхаш а таллар" тIедожош бина кхайкхам. Къастаде аьлла, цо лело гIуллакхаш цунна тоьхна санкцеш йохош дуй а.

Резолюци тIехь билгалдаьккхина, политик Немцов Борис вийна аьлла, бехкхевина Дадаев Заур Кадыровс "бакъволу патриот" аьлла къастийна хилар, ткъа вийна Немцов "Оьрсийчоьнан мостагI" вара аьлла, билгалваккхар а.

Ишта Малиновскийс, Немцов верца боьзначу нахалахь цIе яьккхина резолюци тIехь, Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман а. Адамийн бакъонаш шога хьоьшу цо аьлла, масийттазза бехкевира Делимханов Оьрсийчуьрчу журналисташа а, бакъонашларъярхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG