ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов Аслан вийна 14 шо кхечи


Тахана 14 шо кхечи 1994-1996-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна. 2005-чу шеран Зазадоккхучу-беттан 8-чу дийнахь «Интерфакс» агенталле бира и хаам Регионерчу штабан (РОШ) Къилбаседа Кавказехь терроран операцин урхалла дечу векало Шабалкин Ильяс.

«Ас тоьшалла до Масхадов Девкар-Эвлахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна хиларх. Иза лечкъана хилла оцу юьртарчу цхьанан цIийнан бухарчу бункерчохь» аьлла бара Шабалкинан хаам.

Масхадов Аслан вина 1951-чу шарахь Казахстанерчу Карагандинскан кIоштахь.

Масхадов Асланан дакъа хIинца а цуьнан гергарчу нахе дIаделла дац. И дIавоьллина меттиг йийца реза ца хуьлу Оьрсийчоьнан Iедалш, иза террорахо хилла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG