ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскерчу набахтехь нохчийн тутмакхна еттар тесна дитина талламчаша


Меттигерчу бакъонашларъярхоша ИК-3 изолятор чохь латточу Нохчийчуьрчу вахархочунна Эдигов Сулиманна еттарх шайга хаийтинчул тIаьхьа комментари йитина Иркутск кIоштан Талламан комитето.

"Аш хьалхатеттина хеттарш кхочушдан компетенте яц Оьрсийчоьнан Талламан комитет", - аьлла ду урхаллера даийтина жоп.

Иркутскерчу Юкъараллан тергамчийн комиссин декъахочо Глущенко Павела тамаша ца бина талламчийн жоьпах. "Цецволийла дац Талламан комитетна болх бан лууш цахиларх. Тхан регионехь набахтешкахь Iазапаш а, шогалла а лелор толлуш Iедал а дац", - аьлла цо "Кавказ.Реалии" портале.

Хьалхо "Кавказ.Реалиига" дIахьедира Иркутск кIоштарчу таIзар кхочушдаран урхалло (ФСИН), Эдиговна еттар догIуш дара аьлла.

Сулиманан нанас хаамбарехь, Иркутскехь цуьнан кIант набахтехь латточу кху 4 шарахь, дискриминаци ю цуьнца лелош, ишта динца доьзначу бахьанашца а цхьана даим тIехь ницкъ латтабо цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG