Байначу беттан 21-чу дийнахь Волгоградехь кхаа бераца яйна зуда лоьху Соьлжа-ГIалахь. "ВолгоСпас" тобанерчу волонтерийн хаамна тIе а тевжаш, "Городские вести" гIирсо яздо, 38 шо долу Серикова Ольга шен 7 , 10, 11 шераш долчу берашца цхьаьна араяьлла, цхьанна а ша йоьду меттиг а хоуьйтуш аьлла.
Йолчу информацица, Соьлжа-ГIалахь ю и зуда. Зудчун аматаш а, йовза тарлучу билгалонех а хаамаш а беш, иза тусаеллачуьнга шайга хаийтар доьху Волгоградан кIоштарчу волонтераша а, полисхоша а.
Телефон: 8-905-397-94-56.