ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спикер къарвина блогеро?


Магомед Даудов
Магомед Даудов

Блогеран Абдурахманов Тумсон а, Нохчийчоьнан зорбан министран Умаров Джамбулатан а ойнлайн-дебаташна юкъагIоьртина парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд).

1995-чу шарахь Буденновск гIалара бераш дуьненчу дохучу цIенна тIемалой тIелатарх лаьцна Кадыров Ахьмада аьллачу дешнех кхето гIоьртина Даудов. ХIетахь Ичкерин муфти хиллачу Кадыров Ахьмада бакъвинера Басаев Шемал.

Карладоху Кадыровн дешнаш: "Делан къинхетамца а, Буденновск дIалаьцначу вайн тIемалойн майраллица а сацийра тIом, дийцарш долийра".

Яхначу пIераскан буса республикан парламентан спикер зIене ваьллера Инстаграмерчу эфирехула Абдурхаманов Тумсоца.

"Хасав-Юьртахь бертан дийцарш дIадахьар нисделира и тIелатар бахьана долуш аьллера Ахьмад-хьаьжас. Цо цкъа а ца баьхнера, берийн цIа дIалацар – дика гIуллакх дара", - билгалдаьккхира Даудовс.

Оцу юкъанна кхачо йоллуш дала жоп ца хилира спикеран, нохчийн тIемашкахь цо дакъалацарх блогера шега хаьттича.

"Хьан хьуьнарех со ца теша. Цхьа тоьшалла дац, тIемашкахь ахь дакъалаьцна хиларан. Цхьа сурт дац хьан окопчохь даьккхина. Ахь айхьа хьайх легенда кхоьллина, хьо цхьа чIогIа тIемало вара аьлла, Кадыровс а санна. Амма тхо ца теша хьох. Цхьанхьа петарчохь лечкъина хан яьккхина ахь. Бакъду, йийсаре лецира хьо. Хьайн осалалла а гайтира ахь хIетахь. Ямартвелира хьо. Селхана хьайна уллохь мел хиллачарна мотт туьйхира ахь, цундела тахана Оьрсийчоьнан Турпалхо ву хьо. Хуьлийла дац Оьрсийчоьнан Турпалхо, ямартхо а хилла бен", - аьлла, дIахьедина Тумсос.

Цунна жоп луш, Даудовс элира, шеца цхьана хиллачарна дика девза бакъдерг, амма церан цIераш яха реза ца хилира.

Ишта спикеро дийцира, шех "кадыровхо" муха хилира а. "Рамзана элира соьга: хьо лоьхуш ву, амма хьо нохчо ву. Ткъа Ахьмад-хьаьжин некъан Iалашо яра-нохчий кIелхьарбахар.Ша хьуна паспорт доккхуьйтур ду, хьайн доьзалца Баку, я кхечу хьуна луъучу меттиге дIавоьдуш гIо а дийр ду. Нохчийн цIий Iеночийн тобанашца хиллий хьо аьлла, хаьттира цо соьга. Ас элира, сан накъосташка хатта мегар ду хьуна, оцу кегари юкъахь со хилла вац аьлла. ТIаккха хьоьга кхи претензеш яц шен, хьалхарчу тIамехь со а ву дакъалаьцна, сан да а ву элира соьга Рамзана", - дийцина Даудовс.

Цул совнах, Абдурахмановна чIагIо йинера спикеро, цунна дуьхьал долийна бехкзуламан гIуллакх сацор ду шаьш аьлла.

"Хьо Шемахь хилла аьлла, хьуна дуьхьал айдинчу гIуллакхах дерг аьлча, ас прокуратуре кехат чуделла, хьо бехке ца хиларх тоьшаллаш а далош, хьо мукъа ваккха аьлла". Иштта дара хьалхо блогерца Даудовн хилла къамел.

ТIетоха догIу, хIара дискусси дуьххьара яц цу шинна юкъахь. Маршо Радионо яздира, 2015-чу шарахь Нохчийчуьра ведда вахначу Абдурахманов Тумсоца кху аьхка Марсхьокху-баттахь парламентан спикерца Даудов Мохьмадца телефонан зIе хиларх.

Делахь а, тIаьххьара тасаделлачу къамелехь, социалан машанашкахь яздарца, спикера къаьсташ доцуш жоьпаш лора Тумсос шега лучу хеттаршна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG