ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь балха хIитта атта ду лоьрашна


Оьрсийчоьнан къинхьегаман министралло таллам дIабаьхьна, муьлхачу корматалло таро ло катоьхна белхан меттиг карон.

ХIотийначу рейтинган хьалхарчу могIарехь бу медицинан белхахой. Ишта министраллан зерашца, пачхьалкхехь лоьрийн къоьлла лаьтта. Царна тIаьхьа богIу гIишлошъярхой. Ишта оьшуш бу кхачанан, дечиг-пхьолин, кIади ден, бедарш тегаран белхахой. Электротехникан, электроникан говзанчашна а хала дац болх каро.

ХIоттийначу тептаран кхоалгIачу меттигехь дIатарбелла хадархой.

Ишта билгалдаьккхина талламчаша, хьанна къаьсттина хала ду балха хIотта. Уггар хьалха билгалбевлла оьшу квалификаци йоцу нах.

Экспертийн зерашца, дешна цахилар а, оьшучу тIегIанехь кечамбина цахилар а тергоне оьцу балха хIуттучу хенахь, доккха зеделларг а долуш, муьлххачу а сферехь болх бина хилар а санна.

Иштта оцу юкъанна къастаделла, муьлхачу регионашкахь белхазаалла лакхара ю а.

Ю царлахь ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а.

Ткъа белхазалла лахара хиларан терахьаш гайтина Севастополо а, Ленингарадан кIошто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG