ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаам баьржина, Абдурахмановна дуьхьал долийна гIуллакх дIакъевлина аьлла


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Масех телеграм-канало, шайлахь "CHECHNYA" а, "Спросите у Расула" а йолуш, зорбане даьккхина талламчас Арсакаевс куьйгъяздина кехат бохуш, яздо "Кавказ Пост" интернет- гIирсо.

Цу тIехь яздо, блогер Абдурахманов Тумсо, Шемахь тIеман дакъошца хиларх, объективе тоьшаллаш дац, оцу бахьанашца цунна дуьхьал айдина гIуллакх дижийтина аьлла. Телеграм-каналаша чIагIдарца, инстаграман онлайн-эфирехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада гайтина и кехат-тоьшалла.

Абдурахманов Тумсо гоьваьлла блогер ву. Цуьнан роликашка хьовсу 400-500 эзар стаг. 2015-чу шарахь нохчий Iедалхошца конфликт иккхинчул тIаьхьа, вада дийзира цуьнан шен доьзалца Оьрсийчуьра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG