Шелковск кIоштарчу Парабоч эвлахь меттигера вахархочуьнгара наркотикаш яьхна шаьш аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу Талламан Комитето. 55 шо долчу стеган дегIах хьоьвсича, цуьнан кисанара 120 грамм йозаллица, канабисан хьожа йолу тIоьрмиг баьккхина ницкъахоша.
Кхи дIа талламаш беш бу лаьцначунна гонах, цуьнгара баьккхина тIоьрмиг экспертизе дIахьажийна.