ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн бакъонаш къовса Истанбулехь арабевлла зударий лехкина полисхоша


БIаьргаш Iовжон газ а хецна, шайн бакъонаш къовса арабевлла феминистхой дIасалаьхкина Туркойчоьнан полицино Истанбулехь. Туркойн зорбанаша бо цунах хаам.

ХIора шарахь жигархоша акци дIахьочу коьртачу Истиклял урамна тIе вуьгу некъаш дIакъевлинера ши эзар сов полисхоша, чIагIдо бараман декъашхоша. Масех декъашхочун ка яьллера, дуьхьалонех чекхвала, амма полисхоша бIаьргаш Iовжон газ а хецна, къахкийра уьш а.

Протестхоша дийцарехь, зударшна тIехь ницкъбар сацаде аьлла, кхайкхамаш бар а доцург, кху шарахь акцин коьрта Iалашо хилла - Шемахь лецна латточу зударийн а, берийн кхолламах хьахор.

Зазадоккхучу-беттан 8-чохь Зударийн денна лерина протесташ дIаяьхьира доллу дуьненчохь. ХIиттийнера уьш Украинехь а, ГIиргIазойчохь а.

ХIусамехь ницкъбарна шаьш дуьхьал хилар дIакхайкхийра Екатеринбургехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG