ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мексикехь динчу тIелатарехь 13 стаг вийна


Мел лахара а 13 стаг вийна, 7 чевнаш йина Мексикан Гуанахуато штатехь буьйсанна сумукъадоккхучу клубехь герзаш диттина аьлла, хааме даьккхина Reuters агенталло. Шоьтан сатосучу заманчохь La Playa Men’s Club-ан баре кхаа машенахь баьхкина нах чулилхинера, герзаш а детташ.

Кху деношкахь Мексикан президенто Андреас Мануэл Лопес Обрадора дIакхайкхийра, меттигерчу зуламхойн "Эль Маро" цIе йолчу тобан хьалханча лоцуш ,полисхоша операци йолийна аьлла.

Официалан зерашца, Гуанахуато штатехь мехкадаьтта лачкъорца доьзна лаккхарчу тIегIанехь ду Iазапаш лелор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG