Iамеркан дипломат Шереметьево аэропортера кхерамазаллан система зер Iалашонца чамдичохь мина Москохара Нью-Йорке доьдуч кемантIе яккха гIоьртина аьлла, хета Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздина социалан машанашкахь.
Кадыровс дийцарехь, мина яьсса хиллла, амма оьккхуйту коьчалла хилла цунна тIехь. Цо билгалдаьккхина мина аэропорте еанарг дипломат хилар дуьсур дац жоп доцуш аьлла.
Хьалхо бинчу хаамца, Зазадоккху-беттан 9-чу Iуьйранна Iамеркан Оьрсийчуьрчу векаллан белхахочуьнан багажца карийнера минанаш кхуьссучу тоьпан мина. Оьккхуьйту молха цу чохь цахилла. Оьрсийчоьнан арахьарчу министралло дIахьедар дина, Iамеркан дипломато леррина еана мина аэропорте аьлла.
Ша Iамеркан векалаллан белхахочо дийцарехь, яьссачу минан чкъуьйриг эцна хилла цо шен долахь йолчу коллекцина юхъатохар Iалашонца. Дипломат рогIерчу кеманца Нью-Йорке дIавахана, шена кхин билет эца гIо динчул тIаьхьа.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!