ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан уггар тоьлла пондарча хаьржина Паскаев Рамзан


Паскаев Рамзан (юккъехь) къона пондарчаца цхьаьна.
Паскаев Рамзан (юккъехь) къона пондарчаца цхьаьна.

Кавказан уггар тоьлла пондарча хаьржина Нохчийн Республикан халкъан артист Паскаев Рамзан, хаам бо "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло. Нальчикехь хилла Кавказерчу тоьллачу пондарчашна "Дашо итт пондарча" музыкан совгIат даларан церемони. Паскаевс лаккхара говзалла гайтина кехатан пондар локхуш.

ЮНЕСКО-ца цхьаьна и церемони вовшахтоьхнарг яра Оьрсийчоьнан културан а, дешаран а министраллаш а, ткъа иштта кхин а цхьамогIа култураца йоьзна юкъараллаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG