ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевна 4 шо тохар доьху прокуроро


Титиев Оюб Шеларчу кIоштан кхелехь. 11.Заз2019
Титиев Оюб Шеларчу кIоштан кхелехь. 11.Заз2019

Шелан кIоштан кхелехь Титиев Оюбан гIуллакхехь цунна бехк буьллуш къамелаш дина прокурораша Байтаева Миланас а, Ахматов Джабраила а.

Ахмадовс шен вистхиларехь билгалдаьккхина Титиев бехке хилар тIечIагIдина шаьш, цо дина зулам набахтехь яккха хан тоха оьшуш ду аьлла. Цо доьхург ду бакъонашларъярхочуьнга юккъерчу чIагIалла йолчу колонехь 4 шо даккхийтар а, ткъа иштта 100 эзар сом гIуда такхийтар а.

Прокуроро дийцарехь, суьдо тидаме эца деза Титиев 2018-чу шарахь Дечкен-баттан 9-чу дийнахь дуьйна лаьцна талламан изоляторехь латтош хилар.

Бехкбиллархошна 15 минот бен ца ийшира Тутиев бехке хиларх лаьцна дийца. Кхелехь хIинца къамел дийр ду бакъонашларъярхочун адвокаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG