ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонца сацийна 750 эзар сом лоьрашна дIаделла Соьлж-ГIалахь


Нохчийчуьрчу берийн цергийн лоьрийн поликлиникерчу белхахоша латкъам бинера Iедалшка, балхара дIадохуш, низамо ма бохху, компенсаци ца елла шайна аьлла, хаам бо Интерфаксо. Оьрсийчоьнан Роструд федералан сервисо декхарелахь йина поликлиника цу нахана 750 сов эзар сом ахча дIадала. Цунах лаьцна хаам бина цу урхаллан зорбанан сервисо.

Цу хаамехь билгалдоккхуш ду ахча хIинцале а дIаделла хилар а, цунна бехке волу поликлиникан куьйгалхо административан жоьпе озийна хилар а.

Соьлж-ГIаларчу "Республикан берийн стоматологин поликлиникехь" харцо йина хилар гучудаьллера цигарчу балхахоша латкха бинчул тIаьхьа таллам бича, хаам бо Роструд-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG