ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс чIир хьехор нийса ца хета Нохчийчуьрчу бахархошна - Кавказский узел


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Нохчийчоьнан парламентан гIандаc Даудов Мохьмада блогерна Абдурахманов Тумсона, чIир а хьехош, кхерамаш тийсарна реза бац Нохчийчуьра бахархой, хаам бо "Кавказский узело".

YouTube-хь ша арахецначу видеоан тIехь Даудовс кху беттан 9-чу дийнахь дIахьедар дира, Абдурахманов шен мостагI ву аьлла, цо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа емал веш аьлларг бахьана долуш. Амма цо билгалдаьккхира, ша дуьйцург, Абдурахманов вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсар дац аьлла. Нохчийчуьрчу бахархошна хетарехь, Даудовс Абдурахмановга чIир хьехор догIуш дац нохчийн ламасташца.

Шен видеокъамелехь Даудовс иштта хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша декхарелахь варна Абдурахмановна ша делла дош лардеш цунна дуьхьал толлу бехктакхаман гIуллакх сацаде аьлла, прокуратуре дехар дина ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG