ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом бина сешлелорхо вийна тундрехь


 Гайтаман сурт. Ямало-Ненцойн автономан го.
Гайтаман сурт. Ямало-Ненцойн автономан го.

Ямало-Ненцойн автономан гонехь Ямалан кIоштахь вийна 40 шо долу сешлелорхо Нохчийчохь тIом бина Хоротетто Николай, яздо "ЦIен Къилбаседа" газето. Цуьнан дакъа карийна Сабетта эвлана 120 километр генахь.

Полисхоша таллам бича гучудаьлларг ду Хоротетто тундре вахана хилар. Цуьнан дакъа карийна дIакъевлинчу буру тоьхначу меттигана уллехь моторан салазна тIехь. Сешлелорхо вийна хиларан тоьшаллаш ду юьхь цIех юьзна а, йохийна а хилар а, дегIа тIехь чевнаш хилар а.

Болчу хаамца, лерринчу суьдан-медицинан экспертизо гойтур ду Хоротэтто валаран бахьана. Талла долийна стаг верх хьокъехь схьадиллина бехктакхаман гIуллакх.

Вийначуьнан бисина доьзал: зуда а, кегий бераш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG