ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоначу байтанчийн къовсам кхайкхийна Нохчийчохь


Нохчийчоь -- БIаьсте, 2016. Гайтаман сурт.
Нохчийчоь -- БIаьсте, 2016. Гайтаман сурт.

Нохчийн байтийн къовсам кхайкхийна Нохчийчохь, «ЛарбеМотт» проект кхочуш еш. Поэзи хила езаш ю Нохчийчуьрчу Iаламах лаьцна.

И къовсам дIохьош бу, "Бенара бIаьсте" халкъан кхоллараллан фестивалана кечам беш, хаам бо "Нохчийчоь тахана" сайто. Цу юкъахь дакъалоцуш хир бу 30 шо кхачанза къона поэташ.

Тоьллачу байтийн могIанаш яздина хир ду "Бенара бIаьсте" фестивалан поэзин гайтаман баннершна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG