ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел еш ю Буденновскехь хиллачу нохчийн тIемалочун


Оьрсийчоь -- Буденновск. Мангал.19, 1995.
Оьрсийчоь -- Буденновск. Мангал.19, 1995.

1995-чу шарахь Буденновск гIалана тIелатарехь дакъалаьцна нохчийн тIемалочун кхел йийр ю, хаам бо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро. Вуьйцург ву Исламов Руслан. Цунна бехке дуьллуш ду "низамаш лардон органийн белхахой а, ницкъаллин структурийн белхахой а байар а, могIарера бахархой "закъалтана лецар" а, "зуламан тобан декъашхо" хилар а, "терроран тIелатар дар" а, аьлла ду цу хаамехь.

Талламан версица, 1995-чу шарахь Мангалан-беттан 14-чу дийнахь нохчийн тIемалойн буьйранчан Басаев Шемилан тобанна юкъахь Исламовс дакъалаьцна Ставрополан махкарчу "Буденовск гIалахь бахархошна а, юкъараллашна а динчу тIелатарехь".

Исламовс, шен цIе а хийцина, Оьрсийчоьнан керла паспорт даьккхина хилла шена. И бахьана долуш цуьнан аьтто баьлла 15 шарахь низамаш лардон органех лечкъина ваха, хаам бо Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Исламов лаьцнера 2017-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG