ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маре - дийна йисархьама. Маре - ядархьама


ДаIишхойн карара яьлла Дагестанера яхархо Бибулаева Залина
ДаIишхойн карара яьлла Дагестанера яхархо Бибулаева Залина

ДаIишхойх еддачу зудчуьнца йина интервью

"Настоящее время", Цинцаев Сайхан

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхетархьама Оьрсийчуьра масийтта эзар вахархо дIавахара Шема. Дуккха а зударий а, бераш а дара цаьрца. "Настоящее время" хьостано къамелдира царех цхьахйолчу зудчуьнца.

Бибулаева Залина – Дагестанера схьаяьлла ю. Делан къинхетамца аьтто баьлла цуьнан даIишхойх яда. Карарчу заманчохь даймахкахь ю иза. 2014-гIа шо даллалц шен берашца Туркойчохь ехаш яра иза. Цо дийцарехь, вербовка ечара бечу кхайкхамех а тешна, Шема дIаяхара иза керла дахар доло дагахь.

- Шема яха сацам муха хилира хьан? Цига кхача а муха кхечира хьо?

- Юкъарчу схемаца: Оьрсийчоь- Туркойчоь – ДаIиш. Суна схьахетарехь, массеран а некъ болало-кх ишта дIа: Европа-Туркойчоь-ДаIиш, Казахстан- Туркойчоь - ДаIиш. Дозанаш диллина дара, дехьаволучу хенахь цхьа а проблемаш ца Iиттаелира. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан реклама яра интернетехь жигара яьккхина. Иштта дика нисйинчу схемаца кхечира со сайн берашца "Исламан пачхьалкхе".

- Марехь ярий хьо, цига дIайоьдучу заманчохь?

- ХIан-хIа, яцара со нехан цIартIехь. Оцу хенахь Туркойчохь ехаш яра со сайн берашца. Еххачу заманчохь терго латтайора ас Шемахь лаьттачунна тIехь. Цигахь "Исламан пачхьалкх" ю, Дела низамаш ду лелаш бохуш, доллу дуьненчуьра бусулба нах Шема дIагуллуш бара. Тхо бусулба ду, тхуна АллахIан шариIат деза, тхуна исламан дин а деза, и дерриге а цундела хазахетара тхуна. Тхуна а лиира, тхо а дара "Исламан пачхаьлкхехь" даха луучарех

- Туркойчу хьо йоьдучу хенахь а, цигара Шема дехьаяла Iалашонца яханерий хьо?

- ХIан-хIа, цхьана а кепара ойла яцара сан Шема кхача хIетахь. Туркойчохь дIатаръелла яха лууш яра со.

- Ахь дийцарехь, Туркойчохь цIийнда а воцуш, хьайн берашца хьуо ехаш яра хьо, цул тIаьхьа Шема дIаяха хьесап дира ахь?

- ХIаъ, майра вацара сан цу хенахь. Диъ бер дара сан: кхо кIант а, цхьа йоI а. Жимахволчун 3 шо дара, воккхахволчун – 12 шо. Сайн 4 бер а эцна яхара со Шема.

- Шема дIакхаьчначул тIаьхьа, хIун халонаш Iиттаелира хьох? Цигара хьелаш а муха карийра хьуна?

- Бакъдерг дийцича, юьхьанца халонийн а, динца бIостане долчу хIуманийн а тхайн ма-хуьллу терго ца ян гIертара тхо. Табку гIала а еана, сайна бевзачу нахана тIе йоьсира со дуьххьара. (Мадинат-эт-Таура, Эс-Саура, Эт-Табка, Эфрат хина уллора, Ракка гIалина 50 километар генара шахьар ю иза. 2013-чу шарахь дуьйна даIишхойн карахь яра иза, Шеман демократин ницкъийн альянсо а, курдойн ницкъаша а, Iамерко а, кхечу Малхбузерчу пачхьалкхаша а гIо деш, 2017-чу шарахь мукъаяьккхира и гIала).

Тхоьга ма-дийццара, оцу гIалахь бомбанаш ца еттара, тийналла лаьттара. Iер-дахаран хьелаш а дика дара: даIишхоша ахча хIоттийнера тхуна, дика кхачаме а хуьлура и гIо, хIуъа а эца аьтто а хуьлура тхан. Цхьа хан яьлча, чохь Iен сайна петар йийхира ас. ЦIийнда воцчу зудчунна шенна хIусам луш яц, хьо маре яха еза элира соьга.

Мар воцу зударий кхечу зударшца цхьана юкъарчу хIусамехь Iаш бара. Цхьана чоьна чохь шиъ-кхоъ зудий, церан мел лахара а, 3 бер, 4-5 долуш меттиг а хуьлура. Хьайна хаьа-кх хьуна, дийнахь а, буса гIовгIанехь ваха хала хилар. Цаьргара пурба доцуш, хьошалгIа яха а, я хьайна тIе хьаша вита а йиш яц хьан. Ишта дара цигахь хIиттийна низамаш.

Оцу хьолера бовлархьама дукхаболу зударий цхьанна цIартIе бовлура. Со а яхара маре, хIусам елира суна, цул тIаьхьа кхаа шарахь сайн петар чохь яра со. Нагахь цIийнда велла меттиг нислахь, оцу хIусамчуьра арайоккхура зуда. Хьалха ша Iийнначу юкъарчу Iойла юхайогIура иза. Ткъа сан кIентий баккхий хиларна: 14, 13, 10, 9 шераш долуш бара уьш - со чохь Iадйитира.

- Хьан цIийнда тIамехь кхелхира?

- ХIаъ, сан майра вийра. Шозза маре яхара со Шемахь. Сан дуьххьара хилла цIийнда велча, хIинций-хIинций петар чуьра арайоккху-кх со бохуш, кхоьруш хан ехьира ас. Дела къинхетамца, со чохь йитира цара. Оцу кхаа шерачохь цу чохь ехира со, яда Iалашо сайн коьрте хьовззалц.

- Хьо яда еза аьлла, ойла маца хилира хьан?

- Цигара яда сан ойла гIаьттина дикка хан а яра, амма со кхетара, уллохь борша стаг воцуш суна Iаламат хала хир дуйла. Некъ гойтуш хьуна хьалхаволучуьнца кхачо йоллуш ахь барт ца бахь, тарло цо хьо Iехо. Асад Башаран агIончашка дIало хьо, я Иракъе дIахьажайо. Нагахь барт бийриг борша стаг велахь, Туркойчу дехьавалар нисло хьан. Цундела со шолгIа маре яхара, цигара яда Iалашонца.

- Къаьсттина тобанхоша лелочуьнца хьуна цатовриг хIун дара?

- Дийцинарг цхьаьнацадар стенца дара хаьий хьуна? Исламан дино хьоьхург хIун ду? Дала тIедехкина декхарш бусуба наха кхачам боллуш кхочушдар. "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанхоша аьлларг, я суна хетарг, кхечо бохург дац, АллахIо тIедехкинарш кхочушдар ду.

Юьхьанца цхьа кега-мерса хIуманаш дара бIостане дуьйлурш. Масала, исламан низамаш кхи тIе а чIагIдан сацамбира меттигерчу кхелахоша. Зуда маре йоьдучу заманчохь, цуьнан шен лаамехь ду урдо дехар а, ца дехар а. Я кхо финик дехар, я деших буьзна тIоьрмиг бехар. И зудчун шен бакъо ю. Дукхахболчу зударша хIуммаъ ца йоьхура. ХIун йоккхур ю ахь, даьса киса долчу кхечу пачхьалкхан вахархочуьнгара?

Цундела зударий юхабевлира ахча доьхучуьра, ткъа цу кхелахоша сацамаш бора: ишта мегар дац, деха деза. Нагахь ахь цуьнга деши ца дехьа, хьо цунна атта хетар ю бохуш. Дала ма-боху, зудчо ша маре йоьдучуьнгара ахча доьхуш дацахь, иза шен лаамехь йита еза.

ТIаккха шолгIа – йийсаре лецначаьрца цара лелориг. КъурIанчохь къаьсташ яздина ду, ша йийсаре лаьцначу стагца бусулба муха хила веза: ша юург цунна хьалхахIотто а еза, ша дIавуьжжучу иза а вижон веза аьлла. Оцу тIехьа нийсо ца лелайора цара. И дерриге а гуш дара тхуна, амма тхуна хIун аьлла хетарий: куьйгаллехь лаьттачу Iарбошна дика хууш хир ду динехь дерг, тхо нийса кхеташ хир дац аьлла, ойла хуьлура.

Бакъду, дуккхаъчарна ца тара цара хIиттийна ламасташ, цара лелон къизаллаш, харцонаш. "Исламан пачхьалкхна" дуьхьал къамелаш дан волавелларг тIепаза вара, цара вуьйш вара иза. Кхетий хьо? Оцу пачхьалкхна дуьхьал хIуммаъ а ала йиш яцара хьан. Дуьхьал дош ала дихкина дара. Бакъдерг аьлча, оцу тобанах "Исламан пачхьалкх" ала а вон хета суна-м.

- Хьан цIийнда кхечу пачхьалкхера вахархо вара?

- Уйгур вара иза, гIазакхийн мотт буьйцуш. Китайра вацара иза, къилбаседанехь ваьхна вара иза. Суна схьахетарехь, Сургутехь ваьхна вара иза.

- ДаIишхойн буйнара ялар муха нисделира хьан?

- Кеп-кепара некъаш лоьхура оха. Хамера Идлибе а дахна, цигара Туркойчу дехьадовла гIоьртира тхо. Аьтто ца хилира тхан цу тIехь, хIунда аьлча, пачхьалкхан эскарша юкъаерзийна лаьттара 2016-чу шарахь Хама. Асад Башаран карадаха боккха кхерам бара тхуна.

ТIаккха, сан цIийнда шена бевзачу курдошца дагавелира. Цара дош делира цунна, шаьш дуьхьало йийр яц аьлла. Амма дуьххьара хаьттира цара, сан цIийнда тIом бина вуй аьлла. Нагахь тIемашкахь дакъалаьцна иза велахь, дехьаволуьйтийла дац бахара. Тхуна тIаьхьа машен а яийтина, курдаша накъост велира тхуна, некъ гайта. Цхьа дика аьтто а хилла, схьадогIура тхо. Курдойн дозан тIе тхо ма девлли, тхоьца машенчу хаийра цхьа тIемало, хIора постехь даIишхойн тобанера шайн лаамехь арабевлла хIорш олура цо. Курдаша дика гIо дира тхуна.

- Кхи дIа хIун хилира?

- Курдой болчу схьадалийра тхо. ХIора денна, хIинций-хIинций тхох таллам а бина, Туркойчу дIадохуьйтур ду хьуна тхо бохуш, сатуьйсура оха. Эххар а, сан цIийнда набахте дIавигира цара, со куьпахь йитира. Цигахь биъ бутт баьккхира ас.

- Стенгахь дара шу?

- Шемахь. Иракъехь куьпаш яц. Иракъехь набахтеш ю.

- ТIаккха Оьрсийчу муха кхечира хьо?

- Биъ бутт баьллачул тIаьхьа, сан пIелгийн таммагIаш а эцна, со Оьрсийчу дIайохуьйтуш ю элира соьга. Цул тIаьхьа, цхьа набахтех тера йолчу гIишло ялийра со. ГIазакхийн мотт буьйцучарех со цхьаъ бен яцара, иракъхой бара бисинарш. Оьрсийчуьрчу зударех йоьттина цхьа чоь а хиллера цигахь.

Суна дуьйцуш хезира, цхьа программа ю, цуьнца а догIуш, Путина шен пачхьалкхан бахархой цIа берзабо аьлла. Оцу гIуллакхан инициатор Кадыров Рамзан ву бахара.

- Хьуо даймахка юхаеана йоккхайоьй хьо?

- Iаламат чIогIа!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG