ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс йийраш забарш яц, боху Абдурахмановс


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Нохчийчоьнан парламентан гIантдас Даудов Мохьмада шена кхерамаш тийсар забар йоций хууш тIеоьцу ша аьлла, дIахьедар дина нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос, ББС-на ша еллачу интервьюхь. Ша кхеравелла вац, амма ша кхеташ ву, и дерриг а баккъалла а, кхераме а хилар, билгалдаьккхина цо.

"Блогеро чIагIдарехь, цуьнга хаам кхаьчна, нохчийн Iедалш Европехь "чалтачаш" лоьхуш хиларх лаьцна",- яздо ББС-но. Абдурахмановс дийцарехь, иза дагахь ву ша ларвар Iалашонца сема хила.

Абдурахманов карарчу хенахь Польшехь ву. Амма цу пачхьалкхера шена муьлххачу хенахь депортаци ян мегаш ю, боху цо.

Даудовс кху деношкахь видеокхайкхам арахецнера Абдурахмановна хьажийна. Цу видеона тIехь парламентан гIаьтдас иза шен мостагI хилар дIакхайкхийна, шен вежаршца цхьаьна шена иза карор ву аьлла дош а луш.

Даудов эргIадваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна бологеро аьлларг бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG