ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин "дIавоьллина" жигархо чувоьллина 28 денна


Набережные Челны гIалан суьдо, 28 де хан а тоьхна, чувоьллина меттигерчу Талламан комитетан гIишлонна хьалха Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран каш ду аьлла сурт хIоттийна волу юкъараллан жигархо Ямадаев Карим.

Иза бехке вина шозлагIа а дуьхьалонан акци дIаяхьаран кеп йохорна.

Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь Ямадаев дIалецира полисхоша дуьхьалонан акци дIаяхьарна. Аьчкан керт а, Путинан сурт а, иза вина а, велла а хан (1952-2019 ) тIехь йолу чурт а хIоттийнера цо дIадаханчу кIирандийнахь.

Кхушеран Дечкен-баттахь Ямадаев 8 денна чувоьллира, Набережные Челны гIалахь политикан репрессеш лайначу нахана хьажийна ша бина хIоллам хIотторна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG