ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бана Гайтукаева. Теша со...

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:43 0:00
Линкана тIе

Бана Гайтукаева
Теша со...

Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна бIаьрхиш,
Ас хьоьга дIахьовсур ду
Къастаро делхийна бIаьргаш...
Теша со, хьо кхочур ву,
Ирсо вайн къагор ду дегнаш,
Ас хьоьга туьдуьйтур ду
Сайн безам хьагбина гIенаш...
Теша со, хьо кхочур ву,
Дитина мел долу дезарш,
Ас хьуна дIайоьшур ю
Хьан цIарца кхоьллина байташ...
Теша со, со хьоьжуш ю,
Дицдина мел долу вонаш,
Хьан белшаш тIе дохкур ду
Хьо воцуш шелделла куьйгаш.....

XS
SM
MD
LG