ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Уьш вайна ца лаьтта...


Гацаев СаьIид

Уьш вайна ца лаьтта,
Уьш вайна ца лаьтта,
Вайн дай а ца лаьтта,
Наной а ца лаьтта,
ДIабоьлху лаьттах,
Мохь аьлла вай хьовзарх,
Мохь аьлла вай ластарх,
Вайн дай а дIабоьлху,
Наной а дIабоьлху,
ДIабоьлху лаьттах,
Вайн дай а ца совцу, –
ДIабоьлху лаьттах.
Уьш вайна ца лаьтта,
Уьш вайна ца лаьтта,
Вежарий ца лаьтта,
Йижарий ца лаьтта,
ДIабоьлху лаьттах,
Мохь аьлла вай хьовзарх,
Мохь аьлла вай ластарх,
Вежарий дIабоьлху,
Йижарий дIабоьлху
ДIабоьлху лаьттах,
Вежарий ца совцу,
Йижарий ца совцу, –
ДIабоьлху лаьттах.
О-о-о, маржа хьо, дуьне,
О-о-о, маржа хьо, дуьне,
Да-нана дIахьо ахь,
Йиша-ваша дIахьо ахь,
ДIахьо ахь лаьттах,
Мохь аьлла тхо хьовзарх,
Мохь аьлла тхо ластарх
Да-нана дIахьо ахь,
Йиша-ваша дIахьо ахь,
ДIахьо ахь лаьттахь,
Кхин ца дуьтуш,
Кхин тIаьхьа ца буьтуш, –
Да-нана сихдо ахь,
Йиша-ваша сихдо ахь,
ДIахьо ахь лаьттах.

Гацаев СаьIид Вина 1938 шарахь Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»). Цуьнан стихаш тIехьдаьхна халкъо дезаш тIеэцна дуккха иллеш ду: «Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна бIаьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара дIаолуш долу.

Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю СаIидан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна дIаолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо» ,«Сийна бIаьсте».

КХИН А
XS
SM
MD
LG