ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар дукха миллиардераш бехачу гIалийн рейтинг хIоттийна Forbes-о


Forbes журнало рейтинг хIоттийна уггар дукха миллиардераш бехачу 10 гIалан. Хьалхара меттиг пхоьзлагIа а дIалаьцна 84 миллиардер вехачу Iамеркерчу Нью-Йорко. Цигахь бехачу миллиардерийн хьал ду 470 миллиард доллар. Уггар хьал долу стаг ву цу гIалахь 50,5 миллиард доллар долу Майкл Блумберг.

ШолгIачу меттехь ю ХIонконг. Цигахь вехаш ву 79 миллиардер, 350 миллиард доллар барамехь хаьл а долуш.

КхоалгIачу меттехь ю Москох. Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь вехаш ву 71 миллиардер. Царах 3 ву дуьненаюкъарчу санкцешна кIеллахь.

2018-чу шарахь Москох бехачу тIех сов хьал долчу нехан терахь лахделла 6 стагана. Цигарчу миллиардерийн хьал цхьаьнатоьхча цуьнан терахь ду 336,5 миллиард доллар.

Москох уггар хьал долу стаг ву "Новатэк" а, "Сибур" а компанийн долахо Михельсон Леонид. Цуьнан ду 24 миллиард доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG