ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доьзалшна 870 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь


Францерчу Страсбургехь болх бечу Европан адамийн бакъонашкахула кхело 870 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь Нохчийчохь лачкъийна лар йоцуш вайначу 11 стеган гергарчарна. И нах байна 2002-2006-чу шерашкахь республикехь тIом боьдучу хенахь. Цунах лаьцна яздо "Медиазона" портало, "Правовая инициатива" проектан адвокаташна тIе а тевжаш.

Нохчийчуьрчу 10 доьзална дала дезар ду Оьрсийчоьнан хIоранна 80 эзар евро. Герзаца хиллачу наха дIавигинчул тIаьхьа лар йоцуш вайначу кхин а цхьана стеган гергарчу нахана лур ду 70 эзар евро.

Страсбургерчу кхело сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу конвенцин маситта артикл йохийна хиларх лаьцна. Хьехош волу 11 стаг карийна вац хIинца а.

Царна юкъахь ву Махмудов ИсмаьIил а, Даштаев ИсмаьIил а, Асуханов Ислам а, Наузов Ваха а, Мукаев Супьян а, Дутаев Зелимхан а, Гайсумов Рустам а, Элдерханов Хьусейн а, Сатиев Алихан а, Магомадов Лоьма а, Абубакаров ВахIаб а.

XS
SM
MD
LG