ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу кхаа стага техстанцин белхалошна тIелатар дина Москох


Нохчийчуьра кхо стаг тIелетта Москох "шиномонтаж" станцин белхалошна, хаам бо "Интерфаксо". Дов даьлла хилла Красные Зори урамехь.

Болчу хаамца, латарехь герзаш кхиссина. Эххаре а техстанцехь болх беш волу ши стаг, урс тоьхна а, герз кхетта а чевнаш а йолуш, дIакхачийна дарбанан хIусаме. ЦПП телевизионан сервисо бинчу хаамца, уьш Азербайджанера мигранташ бу.

Дийцарехь, дукха хан ялале машенахь вогIуш лаьцна тIелатар диначерах цхьаъ. Полицино талла долийна хилларг бахьана долуш долийна бехктакхаман гIуллкх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG