ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киеве кеманан билет эцна Саакашвилис


Саакашвили Михаил. Гайтаман сурт.
Саакашвили Михаил. Гайтаман сурт.

Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаила дIахьедар дина, Охан-беттан 1-чу дийнахь Полшин коьртачу гIалара Варшавера Киеве доьдучу кеманна билет эцна ша аьлла. Паспорт дIа а даьккхина, пачхьалкхара араваьккхина Украинерчу "Керлачу ницкъийн боламан" хьлаханча цига юхаверза дагахь ву президентан харжамаш хилла шолгIачу дийнахь.

Журналистана Гордон Дмитрийна еллачу интервьюхь Саакашвилис билгалдаьккхина, шегара махкалла дIадаьккхина карарчу хенахь волу Украинин президент Порошенко Петро шолгIачу муьре вера вац аьлла. Цул тIаьхьа цхьана а дозанхочо кхочуш дийр дац цуьнан омра, тешна ву Саакашвили.

Президентан харжамаш хир бу Украинехь кху беттан 31-чу дийнахь. Саакашвили агитаци еш вац цхьана а кандидатехьа, амма цо аьтто бойла аьлла Тимошенко Юлияга.

ТIаьххьара болчу талламашца, кандидаташна юкъахь хьалхаваьлла воьдуш ву забарча Зеленский Владимир, ткъа Порошенко а, Тимошенко а къуьйсуш ду шолгIачу муьре аьтто бийр болу шолгIа меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG