ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тумсона чIир кхайкхор бакъ ца до Каримовс


Каримов Iаьлви.
Каримов Iаьлви.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада чIир ца кхайкхийна блогерна Абдурахманов Тумсона. Цунах лаьцна дIахьедар дина "Интерфакс" агенталле Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис.

Цо чIагIдарехь, Даудовс аьллера "ша жоьпе озор ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжех" эладитан хабарш дийцарна". Кхузахь гочдархочо хуъушехь харцхьа даьхна Даудов Мохьмада нохчийн маттахь аьлла дешнаш, боху Каримовс. Цо билгалдаккхарехь, нохчийн ламасташца а догIуш, чIир кхайкхош Iедал дац стаг вийча а бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG