ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Харц хаамаш" барна таIзар дарх лаьцна низам къобулдина Оьрсийчоьнан сенаторша


Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташо.
Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташо.

Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташоно къобулйина Пачхьалкхан Думо тIеэцна "харц хаам" барна а, интернетехь Iедал сийсаздарна таIзарш дарх лаьцначу низамийн проекташ.

"Харц хаамех" лаьцначу низамца а догIуш, прокуратуран бакъо ю Роскомнадзоре латкъам бан, нагахь интернетан зорбанан гIирсаша нийса йоцу информаци яржийна меттиг хаалахь. Прокуратуро цкъа дуьххьара доьхур ду и хаам дIабаккха аьлла. Иза ца дахь провайдерехула блок хIоттор ю хаам баржийначу сайтана. Низам дохийча гIуданаш тухур ду 100-200 эзар сом барамехь.

Шен агIор, Iедалхой сийсазбеш, царах ца вешаш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан символш а, конституци а, Iедалан органаш а ларам боцуш, томехь йоцучу кепехь хьехийначарна таIзар дийр ду 100 эзар соьме кхччалц гIуда тохарца, я 15 де-буьйса набахтехь даккхийтарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG