ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь алапаш тIекхетта - Оьрсийчоьнан министр


Къилбаседа Кавказ.
Къилбаседа Кавказ.

Къилбаседа Кавказан федералан гонехь бехачу бахархошна тIедогIу рицкъ, коьртачу декъана алапа, алсамдаьлла 2018-чу шарахь, дIахьедина Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министро Чеботарев Сергейс. Цо чIагIдарехь, уьш алсамдевлла 18%, шо хьалха хиллачуьнца дуьстича.

Чеботаревс дийцарехь, цу регионерчу бахархой алапа ду хIинца юккъерчу барамехь 26 эзар сом. Делахь а иза 1,5-зза кIезиг ду Оьрсийчохь юккъерчу барамехь долчул а, боху министро.

Чеботаревс дийцарехь, экономика кхиарца Къилбаседа Кавказан федералан го шозза тIаьхьабисина Оьрсийчуьрчу кхечу регионашна.

Нохчийчоьнан статистикан урхалло чIагIдарехь, Нохчийчурчу бахархойн юккъера алапа ду карарчу хенахь 25863.4 сом (395$). Болчу хаамца, 2017-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича, иза алсамдаьлла 10,6%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG