ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бюджетера ахча Нохчийчоьнна алсам ло бохург бакъ дац


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Къилбаседа Кавказерчу республикашна а, мехкашна а Оьрсийчоьнан федералан бюджетера ахчадалар алсам дац пачхьалкхарчу кхечу субъекташна лучулла а аьлла, дIахьедар дина Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министро Чеботарев Сергейс. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Нохчийчоьнна бюджетера ахчадалар а ду, Къилбаседа Кавказерчу кхечу субъекташна ма даллара, боху министро.

Чеботаревс дийцарехь, бюджетера финансаш ло Нохчийн Республикана, цигара бахархойн терахь а, цигахь кхочуш йон проекташ а тидаме оьцуш. Цо билгалдаккхарехь, иза хьакхалуш ду Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралло лучу ахчанах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG