ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша а, шен говраш а Iамеркана ца еза, боху Кадыровс


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан а, цуьнан министрш а Ненан Меттан Дийнан даздаршкахь, Соьлж-ГIала, 25Охан2010
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан а, цуьнан министрш а Ненан Меттан Дийнан даздаршкахь, Соьлж-ГIала, 25Охан2010

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментарий йина шена дуьхьал Iамерко керла санкцеш кхайкхор хьокъехь. Царца а догIуш, Iамеркан финансийн министралло лаха дезаш ду Кадыровс махкал арахьа, коьртачу декъана Гергарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь, латтош долу ахча а, кхин болу бахам а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, иза доьзна ду Вашингтонан цуьнга а, цуьнан говрашка а цабезам хиларца.

"Сан цхьа а активаш цкъа а хилла а яц, хIинца а яц я Гергарчу Малхбалехь а, я Европехь а, я Iамеркехь а. Вашингтонехь со цавезна ца Iаш, Iамеркерчу говрашна конкуренташ йолу сан говраш а ца еза", - даладо Кадыровн дешнаш РИА "Новости" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG